Мацах цхьана заманахь дукха йоккха г1ала йина хилла цхьана паччахьо. Эзарнаш куьзганаш хилла цу г1али чохь, дерриге а пенаш, тхевнаш, ц1енкъа куьзганех йина хилла. Цкъа цу г1али чу тиладелла ж1аьла иккхина. Д1асахьаьжча, шена гонах дуккха а ж1аьлеш гина. Б1аьрг тоьхначохь гуш дерш уьш бен х1у
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Цкъа цхьана жимчу стага хаьттина эвлаяэ: – Со хийца муха лур вара-те? – Хьо – иза хьо ву. Хьоьга хьо хийцалур вац, хьайн когийн айрех вадалург цахиларх терра. – Т1аккха х1умма а дан йиш яц? – чам байна жимчу стагана. – Далур ду. Цунах кхета а кхетта, и т1еэцар. – А
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
– Адам х1унда кхоьллина? – хаьттина имам Г1азалига цуьнан дешархоша. – Адамал ницкъ болуш ю эмкал, пийл доккха ду, майраллина лом тоьла, адамочул а дукха х1ума юу атто, олхазарш т1аьхье кхиорехь совдовлу. Ткъа адам 1илма 1амо кхоьллина ду.
|
Нагахь санна, Дала со бехчалгийн тайниг хилар диц а дина, сан оьмар кхин а жимма яхйича, ас сайна мел хетарг ца ала а тарлора, айса олучун ойла дукха йийр яра ас. Х1уманаш, церан мехе а ца хьоьжуш, церан ладаме хиларца юстур яра ас. Наб к1еззиг а еш, сатийсамаш дукха хир бара сан, б1аь
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
(Ног1ийн туьйра) Хьалха заманахь адамаша а буц юуш хилла акхароша санна. Даим буц яа к1орда а дина, к1а дийна цара, амма и чу муха дерзор ду хууш ца хилла цхьанна а. Дерриге а адамаш а, акхарй а вовшах а кхетта, дагадуьйлуш хилла, ялта схьа муха гулдан деза бохуш. – Зу ю хьекъале, цунн
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Козлов Сергей ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ ЗУ-КIОРНИН ЛАМ Дукха хан яра Зу-кIорнина иштта йоккха стигал ганза. Дукха хан яра иза иштта йогIа а елла Iаза. Хьо хIунда сецна, хьо стенга хьоьжу аьлла шега цхьамма хаьттича, дала жоп а дацара Зу-кIорнин. – Хьо стенга хьоьжуш ю,
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Козлов Сергей ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ СТЕЛАIАД Пешах букъ товжийра ЧайтаIо. Хаза йохъеллачу цуьнан меттахахьан а дог ца догIура. Арахь мохо шок еттара, дитташа гIовгIа йора, коран бIаьргах догIа детталора, ЧайтаI бIаьргаш а хьаббина, аьхкенан ойла а еш Iара. Цкъа хьал
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Козлов Сергей ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (БЕЦАН ГУЬЙРЕНАН ЙИШ) Шийла а, тийна а дара хьуьнхахь. ЛадуьйгIира Пхьагало – аз а ца хезара. Хин дехьа берда йистехь шен тIаьххьара гIа дегош лаьтта мах доцург, меттахахьовш хIума дацара. Хи долчу охьайоьссира Пхьагал. Шен деза, т
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Козлов Сергей ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (БЕЗ) Сирла суьйре яра гуьйренан хьуьнхахь. Йиш лакха а доладелла, сецира ца девза олхазар а. Хи йисте охьа а хиина, цуьнан эшаре ладегIа елира Пхьагал. – Хи, хи, хьо стенга доьдуш ду? – хаьттира Пхьагало. – Цхьана тIу
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Козлов Сергей ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (ХЬОМЕЧУ ХЬУЬНХАХЬ) Iуьйранна араяьлла Пхьагал гуьйренан хьуьнан хазаллехь тилла лелара. «Ло деана хила деза дукха хан ю, – ойла йора Пхьагало. – Хьун-м хIинца а йовха а, дийна а ю». Хьуьнан Дахка дуьхьал кхийтира Пхьа
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
|