16:16 1алашоне кхачар | |
– Х1ун дан деза ас хьекъале хила? Хьекъалчас жоп ца делла цунна. Масех дийнахь т1аьхьаваьлла лелла цунна жимстаг шен хаттарна жоп доьхуш. Т1аккха хьекъалчас шена т1аьхьа а х1оттийна, доьдучу хи йисте а вигна, хи к1орга долчче ваьккхина. Белш т1ера а лаьцна, хи буха та1ийнчуьра хьалавалуьйтуш ца хилла хьекъалчас к1ант. Эххар а куьйгаш малдина хьекъалчас. К1ант жима меттавеъча хаьттина: – Сан к1ант, хьуо хи бухахь волуш уггар а ч1ог1а сатийсам муьлха бара хьан? К1анта ойла а ца еш жоп делла: – Х1аваъ! Х1аваъ! Суна эшнарг х1аваъ дара! – Цунна дуьхьал ахча, деши, дуьенан сийлалла езарий хьуна, сан к1ант? – хоьттура хьекъалчас. – Х1ан-х1а, хьекъалан да, суна х1аваъ доцург х1умма а ца дезара, цуьнан бен ас ойла а ца йора, – дара дуьхьал хезнарг. – Гой хьуна, – аьлла хьекъалчас, – хьайн 1алашоне кхача, хьуна иштта ч1ог1а лаа деза хьекъалча хила. И 1алашо а х1оттийна, цу т1е некъ бан беза ахь. Дийнахь а, буса а хьан дагахь хила еза и. Нагахь, хьекъалча хила ахь иштта къахьегахь, сан к1ант, хьох хир ву хьекъалча. ("Малхбален дийцарш" цикла юкъара) | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 706 | |
Т1еаларш: 0 | |