17:41 Абу Х1урайрас шен ненаца лелийна г1иллакх | |
Х1оразза а, ша чуьра ара мосазза волу, цуьнан не1арехь саца а соций, олуш хилла цо: – Делера къинхетам хуьлда-кх хьуна, сан нана. Нанас жоп луш хилла: – Хьуна а хуьлда-кх, сан к1ант, Делера къинхетам. Абу Х1урайрас кхид1а а олуш хилла: – Со жима волуш ахь лелорна, со кхиорна Дала ял лойла-кх хьуна. Нанас жоп луш хилла: – Хьо кхиина ваьлча, хьо соьца дика хиларна, Дала къинхетам бойла-кх хьох. И къамел ша чу мел вог1у а деш хилла Абу Х1урайрас. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 480 | |
Т1еаларш: 0 | |