17:39 Абу Х1урайрин до1а | |
Дийнахь марха а кхобуш, буьйса кхоалг1ачу декъе ерззалц сема 1аш хилла и. Т1аккха х1усамнана самайоккхуш хилла 1ибадатна, цул т1аьхьа – йо1... Цу кеппара, Абу Х1урайрин тхов к1елахь сахиллалц Далла 1ибадат дар хедаш ца хилла. Шена Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везарх терра, кхин к1еззиг дезий-те аьлла 1илма а, дешар а дезара Абу Х1урайрина. Шен берриге а ницкъ цу т1е берзийнера цо. Зайд ибн Сабита дуьйцура: – Цкъа со а, Абу Х1урайра а, кхин цхьа накъост а вара маьждигехь Далла хьаставелла, Цуьнга до1а деш. Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) чу а веана, тхо долчу аг1ор волавелира. Тхайн балхах тхо юкъарадевлча, цо дийхира: – Юкъах ма дита шайн до1а. Абу Х1урайрел хьалха тхаьшшинан до1а дан волавелира тхойшиъ, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) т1аьхьара «Амин» а олуш… Тхойшиъ ваьлча, шен до1а дира Абу Х1урайрас: – Я Аллах, х1окху сан шина накъоста доьхург а доьху ас Хьоьга, цкъа а дицлур доцу хаарш а доьху… Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): – Амин! – элира. Т1аккха оха а дийхира Деле цкъа а дицлур доцу хаарш. Амма Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: – Цу т1ехь хьалхе яьккхи шуьгара Даус тайпанах волчу х1окху стага. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 498 | |
Т1еаларш: 0 | |