17:45 Абу Х1урайрина 1илма дезар | |
Цкъа базарна т1ехволуш, адамийн г1овг1а а, девнаш а, дуьненан хьашташа уьш дукха д1алацар а ца лайначу Абу Х1урайрас аьлла: – Ма миска ду-кх шу, х1ай, нах! Цара хаьттина: – Стенгахь го хьуна тхан мискалла, ва Абу Х1урайра? Цо жоп делла: – Доькъуш Мухьаммадан хьал ду, ткъа шу кхузахь х1ара г1овг1а еш ду. Шайн дакъа схьа х1унда ца оьцу аша? – Стенгахь доькъуш ду и? – Маьждигехь ду, – жоп делла Абу Х1урайрас. Нах маьждиге сихбелла, ткъа Абу Х1урайра уьш юхабахккалц сецна. Дукха сиха юхабирзина маьждиге баханараш. – Ва Абу Х1урайра, тхуна ма ца хи маьждигехь доькъуш цхьа а хьал, – бехк баьккхина цара. Абу Х1урайрас хаьттина: – Цхьа а ца гира шуна цигахь? – Цхьаберш ламазаш деш, вуьйш Къуръан доьшуш, бисинарш Дела хьехош нах-м бара цигахь, – жоп делла цара. – Мисканаш, мисканаш! – мохь баьлла Абу Х1урайре. – И ду-кх и Мухьаммадан хьал. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 498 | |
Т1еаларш: 0 | |