17:59 АХЬ МАЛХ ДIАЛАЧКЪИЙЧА, САН САГАТЛО | |
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (АХЬ МАЛХ ДIАЛАЧКЪИЙЧА, САН САГАТЛО) Лома тIехула дохк а, цIегIа-можа серлонаш а яра. Сарралц ихина догIа сецча, схьахьаьжна малх а лома тIехьа белира. ЧIогIа хаза дара. И сурт дукха хаза хиларна, Зу-кIорни а, ЧайтаI а йист а ца хуьлуш, цу ломе а хьоьжуш Iара. Лам-м хийцалора сих-сиха: можа бос аьрру агIорхьа а баьлла, цIегIа бос аьтту агIор баьллера, ткъа сирла-сийнаниг сира-сийначу басе а бирзина, лакхахь бисира. Зу-кIорнина а, ЧайтаIна а чIогIа хазахеташ ловзар дара хIара: бIаьргаш дIакъовлуш - цхьа сурт хуьлуш, схьабиллича - кхин сурт хIуттуш. – Сихха схьабелла бIаьргаш, - шабаршца элира Зу-кIорнис. – ЧIогIа хаза ду! ХIинца можа бос юткъа аса хилла лам мел бу дIасабаьржинера, ткъа цIегIа а, сирла-сийна а беснаш дIадайнера. Дохк лакхахь яра, ломан юкъах дихкина можа доьхка долуш санна а хеташ. Юха а бIаьргаш дIахьаббира цаьршимма. Цу мIаьргонехь юха схьабиллича, юха а хийцаделла дара сурт. Аьтту а, аьрру а агIор сегаш можа бос а болуш, цIеххьана, аьтту агIор гучубелира цIегIа бос, сийна бос къайлабелира, тIера бIаьрг а ца баккхалуш, хазбелла дIахIоьттира лам. Зу-кIорнис а, ЧайтаIо а юха а дIа ахьаббина, схьабиллира бIаьргаш: ломана аьтту агIор халла хаалуш цIегIа серло етталора, амма цаьршимма бIаьргаш юха дIахьаббале дIаяйра и серло а. Инзаре хаза лам бара Зу-кIорнига а, ЧайтаIе а хьоьжург. ЦIеххьана, шаьшшинга цхьаъ вистхилча санна хийтира Зу-кIорнина а, ЧайтаIна а: – Шуьшинна хазахета соьга хьоьжуш? – ХIаъ, – элира Зу-КIорнис. – Мила? Мила ву вистхилларг? – шабарца хаьттира ЧайтаIо. – Хаза буй со? – ХIаъ, – элира Зу-КIорнис. – Ткъа уггаре а чIогIа хаза маца хета шуьшинна со – Iуьйранна я суьйранна? Эццахь кхийтира ЧайтаI шаьшшинга луьйш берг лам хиларх. – Суна Iуьйранна хазахета, – элира ЧайтаIо. – ХIунда? – Дийнна де ма хуьлу хьалха… – Ткъа хьуна, Зу-кIорни? – Ахь малх дIалачкъийча, сан сагатло, – элира Зу-КIорнис. – Амма суьйренашца хазахета суна хьоьга хьоьжуш. – ХIунда? – Сарахь хьоьжучу хенахь, лакхахь лаьтташ санна хета, генна, генна дIа а хьоьжуш. – Тахана хIун гира хьуна, Зу-кIорни? – хаьттира ломо. – Тахана малх цхьа тамашийна дIалечкъинера, амма цхьамма дIабаха ца буьтура и, цуьнга хьажа яьллачохь, ас кхин хIуманан ойла а ца йира. – Ткъа ас…Оха…Цкъа схьабоьллу бIаьргаш, юха дIакъовлу. Иштта ловзу тхойшиъ, – элира ЧайтаIо. МаьркIажан бодаш сиха букълуш бара. Кхин а Iаржъелча, сийна-баьццара стигал лома тIера хьала а айъелла, гуттар чIогIа къаста болабелира лам. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 611 | |
Т1еаларш: 0 | |