18:04 БЕЗ | |
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (БЕЗ) Сирла суьйре яра гуьйренан хьуьнхахь. Йиш лакха а доладелла, сецира ца девза олхазар а. Хи йисте охьа а хиина, цуьнан эшаре ладегIа елира Пхьагал. – Хи, хи, хьо стенга доьдуш ду? – хаьттира Пхьагало. – Цхьана тIулга тIера вукху тIулга тIе а кхоссалуш, уьдуш ду-кх. «ТIулгаш тIехула. Дика-м ду цунна! – ойла йира Пхьагало. – Со а ядалахьара иштта!» Зингат деара. – Хьо ма лела? – хаьттира Пхьагало. – Кеста Iа кхочур ду, ткъа хьо хьуьнхахула лелаш ду? – Хьашто яра, – элира Зингато. Ведар чохь хи а эцна, дIадоладелира и. – Собар! Къамел дан деза, – элира Пхьагало. Зингат сецира: – Стенах лаьцна? – Хьуна луъучух. – Луъурш дуьйцуш Iен йиш яц сан, – элира Зингато. – Хи кхехьа деза. Зингат дIадахара. – Дахар ду-кх хIара! – доккха садаьккхира Пхьагало. – Зингаташ а хи кхехьа дуьйладелла, къамел дан цхьа а вац. Хьалха-м жIаьлинускал дуьхьалкхетий, цуьнца а дуьйцура, хIинца уьш а къайладевлла. – Соьца къамел дехьа, – элира Безо. Хи йистехь Iуьллура иза. – Со къена ма ю, суна шортта гина. – ХIун гина хьуна? – хаьттира Пхьагало. – Стигал, – элира Безо. – Стигал хьанна ца гина? ХIара ю-кх! – ХIан-хIа, со цигахь лакхахь ма хилла, – доккха садаьккхира Безо. – Мох бара со езаш. Схьакхочура: «Маршалла, Без!» – «Маршалла, олура ас, хьо стенгах лелара?» – «ХIордаца лелара, хинкеманаш тоьттуш». Иштта дара! Ткъа хьо стенна гIайгIане ю? – Ца хаьа, – элира Пхьагало. – Ма дахар дара и! Iуьйранна самаяьлча еригге а хуьн IиндагIехь хуьлура, ткъа лакхахь – малх! Хаза йовхо… Мох схьакхаьчча, самукъне гIовгIа йоккхура оха!.. Ткъа буьйсанна - седарчий. БIаьргаш чу хьоьжура уьш. Цхьа седа безабеллера суна. Баьццара, эсала... И гучуболлушехь, Мох а схьакхочура. «Яло, Без, седа болчу!» – «Гена ма ду!» – «Вайна гена дац!» Шен марахь хьалаядайора. – Ма хаза дуьйцу ахь, Баба, – доккха садаьккхира Пхьагало. – Дика Iаш дара, Пхьагал. Ткъа дешнаш стенна оьшу? Хьо хIунда ю гIайгIане, къона ма ю хьо? – Ткъа хIинца стенгахь бу и Мох? – ТIома лелаш бу. Мох даим а къона бу. Ткъа со къанъелла, охьайоьжна. Хьанна оьшу со хIинца? – Сагатлой хьан, Баба? – ХIан-хIа, Пхьагал. Стигале хьоьжу со, хине ладоьгIу, сирла седа гича, Мох дагалоьцу. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 874 | |
Т1еаларш: 0 | |