12:36 Цхьа к1еззиг башхалла | |
– Хаза бац ас хьоьга боккхур болу кхаъ. Цхьаъ цхьанна т1аьххье кхелхаш, хьайн гергарчех хедар ву хьо. Цу дешнаша оьг1азвахийтина паччахь. Шен г1ан тидинарг набахте а кхоссийтина, кхин кхайкхийтина цо. Г1ан дуьйцуш ла а доьг1на, к1еззиг ойла а йина, г1ан тидина веанчо: – Хаза кхаъ бу сан хьоьга! Хьайн массо а гергарчел а дукхавехар ву хьо! Хазахетар дахьа меттиг йоцчу паччахьа, комаьрша совг1ат дина г1ан бакъахьа аг1ор тидинчунна. Паччахьан гонехь берш цецбевлла. – Хьайл хьалха г1ан тидинчо аьлларг ма ду ахь аьлларг а. Цунна та1зар а, хьуна совг1ат а муха дина? – хоьттура цара. – Охашимма а цхьатерра тидина паччахьан г1ан. И схьааларехь ю башхалла…коьртаниг муьлхха а х1ума схьаалар дац, и аларан кеп ю. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 830 | |
Т1еаларш: 0 | |