12:37 Фенька | |
Сарахь дара х1ара. Диван т1ехь 1ара со, газет а доьшуш. Со воцург чохь цхьа а вацара. Ц1еххьана цхьа г1овг1а хези суна, халла хезаш, коран б1аьрг бетта-кх: т1ак-т1ак, т1ак-т1ак. «Х1ун ю те и? – ладоьг1у ас. Моза? Х1ан-х1а, моза бац. Чхьавриг? Х1ан-х1а, чхьаьвриг а яц. Дог1а ду те иза? Х1ан-х1а, дог1а хуьлийла а дац…» Д1ахьаьжи со – гуш х1умма а дац. Ладоьг1у – г1ар-тата а яйна. Юха а д1атевжи со. Т1аккха юха а: т1ак-т1ак, т1ак-т1ак. Дан х1ун ду те х1ара?! И хьал к1орда а дина, газет охьа а кхуссуш, коре вахана арахьаьжча, ши б1аьрг хье т1е бели-кх сан. Самах ду те х1ара я г1енах ду те?! Корехь, эчиган карниз т1ехь лаьтташ…йо1 ю-кх! Х1аъ! Туьйранехь а юьйцу ца хезна йо1 ю-кх…. Уггаре а жимчу п1елгал а жима. Когаш 1уьйра, коч этт1а… туьппалг санна горга, чотка санна д1аса а яхана ц1ен месаш а йолуш. Схьа ма-гиннехь теша а ца тийшира со и адам хиларх. Цхьа жима экха ду моттаделлера суна и. Х1инццалц цкъа а гина бацара суна ишштат кегий йоь1арий. Ткъа йо1-м соьга схьа а хьоьжуш, шен г1ора ма-дду коран б1аьргах шен жима бетташ йоллура. Корах ара хоьтту ас: – Йо1! Хьуна х1ун оьшу? Цунна со ца хеза, жоп а ца луш, кора т1е п1елг хьежабо, схьаделла бохучу маь1нехь. Т1аккха кор схьа а диллина, чуйоуьйту ас и. – Сонтаниг, корах чу х1унда г1ерта хьо, сан не1 йиллина ма ю. Дуткъа-дуткъачу озаца жоп ло цо: – Суна ца хаьа не1арх чуяла. – Муха ца хаьа?! Корах хаьа, не1арх ца хаьа?! – Х1а, ца хаьа. «Ойн, – аьлла виси со, – х1ара х1ун 1аламат ду суна хьошалг1а доьссинарг?» Цецваьллачу ас кара схьаэцч, ерриг а егош яра и. Кхераелла хилар гуш дара. Кор долчу аг1ор д1ахьоьжура сих-сиха. Билхинчу б1аьргаш чохь х1инца а гуш дара хиш, церг церга т1е ца кхетара. – Хьо мила ю? – хоьтту ас. – Со, Фенька ю. – Мила Фенька? – Иштта... Фенька. – Стенгахь 1аш ю хьо? – Ца хаьа. – Хьан да-нана стенгахь ду? – Ца хаьа. – Стенгара схьаеъна хьо? – хоьтту ас. – Егош ма ю хьо? Шелло? – Х1ан-х1а, ца шелло. Йовха ю. Ж1аьлеш т1аьхьадевлла, царах кхераелла егош ю. – Х1ун ж1аьлеш? – Ца хаьа. Эццахь кхин са а ца тохаделла, оьг1азе боху ас: – Ца хаьа, ца хаьа! Хаа мукъа х1ун хаьа хьуна?! – Со мацъелла, – боху цо. – Х1а! Иза хаьа хьуна? Х1ун дийр ду цунна. Маьнги т1е и охьа а хаийна, цигара метах ма яла аьлла, кухни чу ваха со, цунна кхалла х1ума лаха. Сайн дагах, цунна х1ун лур яра те бохуш ойла а еш. Жимчу бошхепа кхехкийна шура а йоьттина, кегий цастарш деш бепиг а хадийна, катлет а аьтта юург вовшахтуьйхи ас. Сехьа чу ваьлча, гуш яц-кха Фенька. Цецваьлла, мохь туьйхи ас: – Фенька! Феня! Жоп ца ло. Юха а кхойкху ас: – Фенька! Феня! Т1аккха цхьанхьара схьахеза х1ара: – Кхузахь ю со! Охьа а таь1на хьажча – маьнги к1ел ю. Оьг1азваха со: – Х1ара х1ун да дан? Маьнги т1ехь х1унда ца 1а хьо? – Суна ца хаьа цу т1ехь 1ен. – Х1ун ду-у-у? Маьнги т1ехь 1ен ца хаьа, маьнги к1ел бен? Хьо саннарг стоьла йистехь 1ен хууш а хир яц? – Иза-м хаьа суна. – Т1аккха охьахаал. Стоьла йисте и охьа а хаийна, г1ант т1е а теттина, цу т1е цхьа барз киншкаш а ехкина меттиг кечйи ас. Мерах хьокху йовлакх хьалха а дихкина, боху ас: – Яа х1инца. Ца юу-кх. Мара а лоькхуш 1аш ю. – Х1ун хилла? – хоьтту ас. Жоп ца ло. – Хьо юург йоьхуш ма яра. Яа х1инца. Ц1арул ц1ий а елла, боху кхуо: – Кхул мерза х1ума яц? – Муха кхул а мерза?! Ма баркалла доцуш а ю! Кампеташ еза хьуна? – Х1ан-х1а, ца еза дера! Ахь х1ун дуьйцу? Уьш а мерза ма ца хуьлу… – Т1аккха х1ун еза хьуна? Г1уьралг? – Х1ан-х1а, г1уьралг а мерза ца хуьлу. – Г1уьралг а мерза яц? Х1ара ду хаза! Т1аккха х1ун еза хьуна? К1еззиг мара лоькхуш а 1ийна, боху: – Цхьажимма хьостамий дуй? – Х1ун хьостамий? – Аьчкан хьостамий. Кхеравелла куьйгаш дегадора сан. – Хьостамий дуу ахь? – Х1аъ. Суна ч1ог1а деза уьш. – Кхин х1ун еза хьуна? – Кхин а маьхкадаьтта а деза, саба а, кехат а, г1ум а, бамба а, цергаш юьлу порошок а, мачех хьокху крем а, сирникаш а… «Боккъал а луьйш ю те х1ара?! – ойла йо ас. – Боккъал а хьостамий дуу те кхуо?! Цкъа хьажа веза х1ун до». Пенах болу боккха мекха йиъна хьостам схьа а баьккхина, жимма ц1ан а бина д1акховдий ас. – Х1ан, баа хьайна. Буур бац ма моьтту суна. Х1уьмалгаш лелош ю моьтту. Амма со д1ахьаьжна валале, хьостам биъна ели. Бетах мотт а хаькхна, боху: – Кхин а! – Х1ан-х1а, диканиг, – боху ас. – Хьостамий кхин дац. Дезахь, х1ара кехат-м ду. – Схьало. Кехат дели – дерриг а д1адии. Сирникийн дийнна ботт ели – элп алале д1айии. Бошхепа мехкадаьтта доьтти – иза а д1амели. Цуьнга а хьоьжуш, корта а лестош 1а со, х1окхунна-м со д1аваа а эхь дац бохуш. Дукха сиха д1аэккхон еза х1ара. Мехкадаьтта д1амелла а яьлла, бошхепа мотт хьаькхна, бага г1иттон ели: наб йог1уш ю-кх. Къахийти суна цунах: «Кху 1аьржачу буса мича г1ур ю иза? Ж1аьлеша д1аюур ма ю и цуьрг. Тховса са а да1ийтина, кхана д1айохуьйтур ю ас х1ара». Иштта ойла а йина, мотт тобан вуьйли со. Г1анта т1е г1айба а биллина, цу т1е кхин а жима г1айба билли ас. Т1аккха Фенька д1а а йижийна, юрг1ин метта салфетка теси т1е – Д1айижа, – боху ас. – Буьйса декъала хуьлда! Сиха наб кхийти цунна. Жимма киншка йоьшуш а 1ийна д1авижи со а. 1уьйрана самаволлушехь, сайн Фенька х1ун деш ю хьажа ваха. Цецвели со – г1ант деса ду. Фенька а яц, г1айба а бац, салфетка а… Д1ахьаьжча – сан Фенька г1анта к1ел ю, г1айба цуьнан когаш к1ел бу, салфетка гуш а яц. Фенька сама а яьккхина хоьтту ас: – Салфетка мичахь ю? – Х1ун салфетка? – хоьтту цо. Ас боху: – Иштта салфетка. Юрг1и метта ас хьуна т1етесна хилла йолу. – Ца хаьа. – Муха ца хаьа? – Баккъал а, хаа ма ца хаьа суна и. Лаха дуьйли. Со лохуш ву, Фенька суна г1о деш ю. Х1уъу дича а, карош а яц. Ц1еххьана Фенькас боху соьга: – Ма леха и. Дагадеа суна. – Х1ун дагадеа? – Дагадеа суна салфетка стенгахь ю. – Стенгахь ю и? – Ас йиина и. Оьг1азваханчу ас лаьтах когаш а бетташ боху: – Гайшик ю-кх хьо! Юзуш а яц! Ахь-м х1ара дерриг ц1а а д1адуур ду! – Ца хууш йиина ас и. – Муха «ца хууш»? Ца хууш юу салфетка? – Буьйсана самаяьлча, мацъъеллера со, ахь суна яах1ума а ца йитинера. Хьан бехк бу-кх и. Цуьнца къийса ца вала кухни чу ваха со, юучунна кечам бан. Сайна х1оа а кхаьрзина, кофе а кхехкийна, бепиг т1е налха а хьаькхна юург кечйи ас. Фенькина газет а хедийна, 1ат1ар-саба а аьтта, т1е мехкадаьтта а тоьхна кхача кечби. И шун а дахьаш со сехьаваьлча сан Фенька ю-кх юьхьах гата хьоькхуш йоллуш. И гата дууш ю моттаделла кхеравели со, юха кхийти – юьхь якъош ю. – Хи стенгара ийцира ахь? – хоьтту ас. – Х1ун хи? – Хи. Ахь юьхь муха йилина? – Ас х1инца а йила а ца йилина юьхь. – Муха ца йилина? Юьхь якъош ма ю хьо? – Ас цкъа хьалха якъа а йой, т1аккха юьлу юьхь. Куьг а ластийна, боху ас: – Дика ду, охьа а хаий, сихха х1ума яа, т1аккха 1одика а йийр ю вай. – Муха 1одика йийр ю? – Иштта. Цхьа а хала х1ума дац и. 1одика йийр . К1ордийна сна хьо. Хьо схьаеъанчу юха д1аг1о. Елха йолаели сан Фенька. Когах хьерча, дехарш до: – Ма эккхаехьа со. Со дика хир ма ю. Вон лелар ма яц. Ахь суна юург схьаелчахьана, хьоьга ца хоттуш ас цхьа а хьостам а, нуьйда а юур ма яц кхин. Къа хийти суна цунах ч1ог1а. Бераш а сан дацара. Суо 1аш вара. Кхуо х1ун зен дийр ду суна аьлла, ойла а йина, йита сацам би ас. Т1аьхьа хуур ду-кх дан дезарг а. – Дика ду. Х1инца т1аьххьара гечдо ас хьуна. Амма хьоьжуш хила-кх… Оцу сохьта самукъадаьлла хьаьвзира Фенька. Со балха вахара. Амма балха д1авахале, базара а вахана, ах кийла кегий хьостамий а ийцира. Итт хьостам Фенькина а битина, дисинарш стоьлан г1утакха а дехкина, дог1а туьйхира ас. Балхахь Фенькех бен ойла яцара сан. Сагатдора. Х1ун деш ю те? Цхьа галдаьлларг данза юй те? Со ц1а веъча, корехь 1ара сан Фенька, мозий а лоьцуш. Со схьа ма-гинехь хазахетта, куьйгаш вовшах а детташ, кхийсало: – Ох1, эххар а! Ма хазахийти суна! – Х1ун хилла? Сагатлора? – Ма сингаттаме дара! Ч1ог1а сингаттаме дара-кх! Фенька кара а эцна хоьтту ас: – Мацъеллий хьо? – Х1ан-х1а, – боху – цуьрриг а ца мацъелла. Кхо хьостам а бисина сан. «Нагахь кхо хьостам бисинехь, кхин сов х1ума йиъна хир яц кхуо, – ойла йо ас, – дика йо1 хуьлуш ю кхунах. Дика леларна и хаста а йина, жимма цуьнца ловзуш а 1ийна, сайн г1уллакхаш дан вуьйли со. Масех кехат дара сан яздан дезаш. Стоьла йисте охьа а хиъна,шекъадуттург схьайиллича – еса ю. Х1ара х1ун ду? Кхолг1а де бен дац-кха ас цу чу шекъа доьттина. – Фенька! Схьайоьл кхуза! Едда схьа а еана: – Х1а? – боху. – Шекъа мича дахана хаьий хьуна? – Х1ун хилла? – Х1умма а. Хаьа хьуна я ца хаьа? – Ахь дов дийр дацахь эр ду-кх. – Т1аккха? – Дов дийр даций ахь? – Дац. – Ас д1амелла. – Муха д1амелла?!! Ахь суна дош ма деллера… – Ас х1умма а ца яа деллера дош, х1умма а ца мала дош ас ца деллера. Хьан бехк бу и, ахь суна дуьра хьостамий деллера… Цара хьагво… Х1ун дуьйцур ду ахь кхуьнга?! Юха а со бехке ву! Ойла йо ас: «Дан х1ун дийр ду те? Дов дича? Х1ан-х1а, дов дарх г1уллакх хир дац. Цхьа х1ума дайта деза кхуьнга. Мукъалла вон лелаш ю х1ара. Г1уллакх дан йоьлча, вон лела хан хир яц». Шолг1ачу дийнахь нуй д1а а кховдош боху ас: – Феня, со балха воьду, ткъа ахь г1уллакхаш де: чоь д1а а листа, нуй а хьакха, ченаш д1а а яха. Далур дуй хьоьга и? Ела а елла: – Эх1, – боху, – х1ун ду кхузахь хала? Далур ду дера! Сарахь чувеъча, чохь: ченаш, нехаш, кехаташ. – Фенька! – мохь туху ас. Маьнги к1елара схьа а йолий: – Х1ун хилла? – хоьтту. – Нехаш д1а х1унда ца яьхна ахь? – Муха «х1унда»? – Х1унда ца яьхна бах-кх ас а. – Стенца йохур яра ас уьш? – Нораца. – Нуй бан ма бац. – Муха бац? – Иштта. Бац-кха. – Стенга бахна иза? Йист а ца хуьлу. Мара а лоькхуш 1а. Т1аккха цхьаъ ц1ена дац. – Д1абиъна? – хоьтту ас. – Х1аъ, – боху, – биъна. Со волччохь г1анта охьалахвели со. Оьг1азваха а дицделла: – Ахь муха биъна и?! Хьоьга муха баабелла?! – Суна сайна а ца хаьа айса и муха биъна. Жим-жимма бууш чекхбели-кх и, – кхетий со Фенькас. – Х1инца ас х1ун дан деза? – боху ас. – Аьчкан нуй эца ас беза? – Х1ан-х1а. – Х1ун «Х1ан-х1а»? – Аьчканиг а буур бу ас. Жимма ойла а йина боху ас: – Дика ду. Суна хаьа хьуна х1ун дан деза. Кхана дуьйна ас хьо чамди чу юьллур ю. Чамда-м юур хир ма яц ахь? – Юур яц, ченах юьзна ю и. Ахь ченаш д1аяха – т1аккха юур ю. – Х1ан-х1а, – боху ас, – баркалла. Цул а шен ченашца юьтур ю ас и. Шолг1ачу дийнахь жимчу чамди чу йоьллира ас Фенька. Йоьлхуш а яцара, г1овг1а а ца йора. Сада1а атта хилийта, 1уьргаш даха аьлла дехар-м дира цо. Тукар схьа а эцна, кхо 1уьрг даьккхира ас чамдина. Х1етахь дуьйна оцу чамди чохь 1аш ю сан Фенька Йоккха хилла Фенька. Нана-п1елгал хилла йолу, х1инца хьажо п1елггал ю. Х1умма а вон 1аш а яц, мелхо а, дика 1аш ю-кх. Цуьнан ц1а чохь жима кор а даьккхина ас. Жимчу маьнги т1е д1аюьжу, жимчу стоьла йистехь х1ума юу. Цуьнан-м жима-жима а йолуш телевизор а ю Фенькех шуна къахета ца оьшу. Цул а со волчу хьошалг1а дуьйла, ас йовзуьйтур ю шуна и. 1938-1967 | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 916 | |
Т1еаларш: 0 | |