18:00 Къа ца хьегча… | |
– Х1ан, к1ант, схьаэца х1ара ахча, 1алаш а де. К1анта и ахча хи чу кхуссуш хилла. Дена и гучудаьлла, амма к1анте х1умма а ца аьлла. Деш-дуьтуш а доцуш лелаш хилла к1ант, мерза молуш, хьена дууш. Дас цхьана дийнахь шен гергарчаьрга аьлла: – Нагахь сан к1ант шайга ахча деха ваг1ахь, ма лолаш цуьнга ахча. Т1аккха шен к1ант схьа а кхайкхина аьлла: – Вало, к1ант, айхьа ахча даккха хьажа. Ахь даьккхинарг муха ду хьовсур ду вай. Гергарчаьрга ахча деха вахана к1ант, амма цхьамма а ца делла. Дан х1ума а ца хилла, 1аьржа болх бан вахана. Дийнахь сарралц, когаш а 1уьйра, кира кегош ваьллина к1ант. Цу балхах шена делла сом а дахьаш, да волчу веана. Дас аьлла: – Вало, сан к1ант, хи чу кхосса и ахча. К1ант цецваьлла: – Дада, ас муха кхуссу и хи чу?! Ас мел бала хьегна ца хаьа хьуна и даккха г1ерташ? Сан когийн п1елгаш х1инца а догуш ма ду. Х1ан-х1а, сан куьг айлур дац и хи чу кхосса. Дас жоп делла: – Мосазза лора ас хьуна ахча, ахь воьдий и хи чу а кхуссуш?! Суна атта хуьлу моьттура хьуна и ахча? Ас къа а ца хьоьгуш доккху моьттура? Иштта ду-кх, сан к1ант, дуьненан х1ума…ша къа ца хьегча, мах ца хаьа-кх… ("Малхбален дийцарш" цикла юкъара) | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 657 | |
Т1еаларш: 0 | |