16:16 Хьекъале дош | |
–Хьо воцург кхузахь кхин стаг а вац, хьехам бан беза ас я ца беза? Говраш 1алашъечо жоп делла: – Со мог1арера стаг ву, кху х1уманна кхин генадаьлла хьекъал а дац сан, амма со говраш 1алашъян вахча, цхьаъ йиссалц, вуьйш д1асаевдда карийча а, цунна юург-м ло ас. И дешнаш дагах кхеттачу моллас шен хьехам болийна. Шина сохьтехь сов дийцина цо, шена а цунах дагна хьаам а хуьлуш. Т1аккха шен хьехам т1е муха эцна, и мел дагах кхетта хаа лууш, хаьттина цо: – Муха хийти хьуна хьехам? – Ас хьалха а элира, со мог1арера стаг бен вац, кху х1уманна ох1ла вац. Со говраш 1алашъян веача, цхьаъ йиссалц, ерриг а говраш д1асаевдда карийча, цу цхьана юург ло ю ас. Амма массо а говрана лерина ерг-м ца ло… ("Малхбален дийцарш" цикла юкъара) | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 672 | |
Т1еаларш: 0 | |