17:54 Хьоьх ала дуьсу дош | |
«Айхьа дийриг, ойла а еш, де. Хьо д1аваьлча хьоьх эр долу дош ларде» – хьехар деш хилла цунна и стаг. «Со велча, сан дахар хедар ду. Цул т1аьхьа суна бен а дац, х1уъу аьлча а», – жоп делла дас. Абин-Альсарана цкъа а дицлуш ца хилла и къамел. Шен дерриге а дахарехь адамашна дика болх бан хьожуш, царна г1о деш хилла цо. Кхечеран г1айг1а беш ву аьлла г1араваьлла иза. Абин-Альсар д1аваьллачул т1аьхьа дукха г1ишлош йисина, адамийн дахар аттачу даккха цо яйтина йолу. Шен чуьрта т1е х1ара дешнаш яздайтина цо: «Хьо велча чекхдолуш долу дахар – ши шай мах боцу дахар ду». | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 517 | |
Т1еаларш: 0 | |