18:03 ХЬОМЕЧУ ХЬУЬНХАХЬ | |
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (ХЬОМЕЧУ ХЬУЬНХАХЬ) Iуьйранна араяьлла Пхьагал гуьйренан хьуьнан хазаллехь тилла лелара. «Ло деана хила деза дукха хан ю, – ойла йора Пхьагало. – Хьун-м хIинца а йовха а, дийна а ю». Хьуьнан Дахка дуьхьал кхийтира Пхьагална. – Хьо ма лела? – хаьттира Пхьагало. – ХIара хIуо чууьйзуш, кхунах ца Iебаш, лела-кх, – элира Дехко. – Iаьнна вай дицделла те? – хаьттира Пхьагало. – Массанхьа а деана, хьуьнха ца кхаьчна. – Дицделла хир ду, – аьлла, мекхаш хьадира Дехко. – Суна хетарехь, – элира Пхьагало. – ХIинццалц а ца деанехь, кхул тIаьхьа а догIур дац и. – Ахь хIун дуьйцу?! – элира Дехко. – Иштта хила ма ца хуьлу. Цкъа а дахана дац Iа петоьхна. – Нагахь дан а ца дагIахь? – И хIунда дуьйцуш ду, Пхьагал? Ида, садеIа, кхийсало, кхин цхьана а хIуманан ойла а ма е. – Со иштта ца хилало, – элира Пхьагало. – Суна дерриге а хьалххе хаа деза. – Дукха хиъча, сихха къанлур ю хьо. – Пхьагалш къан лан а ца ло, – элира Пхьагало. – Пхьагалш къона йолуш ле. – И хIунда? – Тхо уьду даим а, кхетий хьо? Тхан дахар идарехь ду. – ХIи-хIи! – элира Дехко. – Ма дукха ехар ю-кх хьо. И шиъ ул-улло а хIоьттина доьдура. Хьежарх ца кIордош хаза яра хьун а. ЧIогIа хьоме йолчу цуьнга хьоьжуш, гIайгIа йоьссира Пхьагале а, Дехке а. – Ахь са ма гатдехьа, – элира Пхьагало. – Са ца гатдо ас-м. – Гатдо, суна ган ма го. – Са-м ца гатдора, жимма гIайгIане ду-кх. – ДIадер дара и-м, – элира Пхьагало. – Ло деъча, лараш къайлаяха гIерташ, ида дезар ду. Сахилча садаллац и болх бан безар бу. – ХIунда? – Сонтаниг! Юур ма ю. – Нийсса дIа а ца йодуш, юханехьа идал хьо-м, – элира Дехко. –Иштта! – гайтира цо муха яда еза. – Ма дика а ду! – мохь туьйхира Пхьагало. Дехкана тIаьххье едира. – Гой хьуна? – элира Дехко. – ХIинца цхьанна а хьо хIун юа хуур дац. – Ас… Ас… Ас хьуна хIун Iамор дуй? Ковст яа Iамадай ас хьуна? – Ас яа ма ца юу ковст, – элира Дехко. – ТIаккха… ТIаккха… Ас бада Iамадай хьуна?! – Ца оьшу, – элира Дехко. – ТIаккха хьуна хIун дика дийр ду ас? – Цхьа а, – элира Хьуьнан Дехко. – Сан хьехарх хьуна гIо хилахь, дика ду-кх и суна. – Баркалла хьуна! – элира Пхьагало. Ела а къежаш, мекхаш а хьедеш, юханехьа едда дIаяхара и. «Ма дика а ду! – ойла йора Пхьагало. – ХIинца со цхьаммо а лоцур яц. Ло диллале, кхин и дика Iамон деза ас юханехьа ида». Шен хьоме хьун мел ю уьдура Пхьагал, нийсса ца йодуш, юханехьа. Iинах чуюссуш, гу тIе хьалайолуш уьдучу цо: «нисло!» – бохуш, ша шега лоьра и. ХIинца кху хьуьнхахь ша цхьанна а карор яц бохучу ойлано хазахетаран бIаьрхи даккхаза а йитира Пхьагал. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 1488 | |
Т1еаларш: 0 | |