11:55 Кхетош-кхиоран масал | |
Да к1антана т1е а вог1ий, дов а ца деш, к1ант чеха а ца веш, к1ентан б1аьргаш чу а хьоьжуш, хотту: – Хьо воккха ма ву, вуй? – Ву. – Ницкъ болуш а вуй? – Ву. – Жима, г1орасиз цициг лаза а деш, ницкъ болуш а, воккха а ву хьо? – … – Хьажал, со хьол воккха а, ницкъ болуш а ву. Амма х1етте а хьуна тоха воллуш вац со. Х1унда вац хаьий хьуна? Шел г1ийланиг, г1орасизниг ларван, цунна орцахвала оьшуш бу ницкъ, царна г1ело ян оьшуш бац. Кхийтин хьо? – Кхийти… – Стенах кхийти хьо? – Дика к1ант ву… | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 881 | |
Т1еаларш: 0 | |