Зорба » Моьнаш ца доьрзу
16:19
Моьнаш ца доьрзу
Вехаш-1аш хилла цхьа амална сиха жимастаг. Цхьана дийнахь дас цуьнга хьостамех буьзна т1оьрмиг белла, х1оразза а ахь цхьанна оьг1азло мел йо, кертан б1ог1амах цхьацца хьостам тоха аьлла.
Хьалхарчу дийнахь б1ог1амах иттанаш хьостамий тоьхна. К1ира даьлча, мелла а шен оьг1азло урхахь сецо 1еминчу к1анта б1ог1амах детта хьостамаш лахделла. К1ант кхетта, б1ог1амах хьостамий деттачул а, шен амал юхатоха атта хиларх. Дега дийцина цо иза. Т1аккха дас т1едиллина, оьг1азлонна т1ехь толам мел боккху, хьалха д1атоьхначех цхьацца хьостам схьабаккха аьлла.
Хан-зама йоьдуш, к1ант вехаш, т1ех1оьттина цо дега кхаъ боккху де а – б1ог1ама т1ехь цхьа а хьостам ца бисина!
Т1аккха дас, куьг а лаьцна, керта т1е вигна к1ант:
– Ахь дика къа хьегна… Амма гой хьуна мел лараш йитина ахь? Ахь стагана бохам бича, цуьнан даг т1ехь а дуьсу хьуна иштта моьнаш. Цул т1аьхьа хьо мел бехказавийларх а, и моьнаш ца доьрзу хьуна…

("Малхбален дийцарш" цикла юкъара)
Къастар: Гоч | Хьовсна: 555 | Т1едаькхна: ppetirova
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar