17:32 НАГАХЬ СО ЦХЬАНХЬА А ЦА ХИЛЧА | |
Кхин а жимма 1ийча седарчий летар ду, меллаша текхна гуьйренан аренаш т1ехула схьакхетар бу бутт а. Т1аккха жимма 1ийча, хьуьна юккъе хьожур бу бутт, уггаре а лекхачу базанах а тасабелла, к1еззиг соцунг1а йийр ю. Эццахь гур бу и бутт Зу-к1орнина а, Чайта1на а. – Хьажахьа, – эр ду Зу-к1орнис. – Х1аъ, – эр ду Чайта1а. Бутт кхин а лекха а баьлла, шен шийла нур 1енон х1уттур бу. Иштта хуьлура кху екхначу шийлачу гуьйренан х1ора сарахь а. Х1ора сарахь Чайта1 а, Зу-к1орни а вовшашка хьошалг1а а оьхура, дагара а дуьйцура. Тховса а элира Зу-к1орнис Чайта1е: – Ма дика ду-кх вай вовшийн долуш! Чайта1а корта та1ийра. – Дуьхьалтасийтахьа хьайна: со яц, ткъа хьо цхьалха 1а, къамел дан а цхьа воцуш. – Ткъа хьо стенгахь ю? – Со яц. – Иштта хуьлуш ца хуьлу, – элира Чайта1а. – Суна а хета иштта, – элира Зу-к1орнис. – Амма х1етте а – со яц. Хьо цхьалха. Ахь х1ун дийр ду? – Хьо йолчу йог1ур ю. – Стенга? – Муха – стенга? Хьан ц1а. Ян а еана эр ду: «Хьо схьа х1унда ца еара, Зу-к1орни?» Т1аккха ахь эр ду… – Сонтаниг! Ас муха эр ду, со хила а ца хилча? – Хьо ц1ахь яцахь, хьо со йолчу еана хир ю-кх. Т1аккха со сихха ц1а йодур ю. Х1а-а, кхузахь хилла-кх хьо! Т1аккха дийца йолалур ю… – Х1ун? – Дов дан! – Х1унда? – Муха – х1унда? Вайшинна барт ца ларбина аьлла. – Вайшимма барт муха бинера? – Суна х1ун хаьа и? Амма, хьо со йолчохь хила еза я – хьайн ц1ахь. – Со цуьрриг а ян ма яц. Кхетий хьо? – Х1оккхахь хиина 1аш ма ю хьо! – Х1инца ю со кхузахь хиина 1аш, амма со хиллане а ца хилча, стенгахь хир ю со? – Я со йолчохь, я хьайн ц1ахь. – Со хилча дерг ду и. – Т1аккха, – эли Чайта1а. – Ткъа со хила а ца хилча? – Т1аккха хьо хи йистехь хир ю-кх, батте а хьоьжуш, 1аш. – Хи йистехь а яц. – Т1аккха хьо цхьанхьа яханчуьра схьаяза хир ю-кх. Т1аккха, едда яхана, ас ерриге а хьун а теллина, суна схьакарор ю-кх хьо! – Ерриге а хьун теллина ахь, – элира Зу-к1орнис. – Ца карийна. – Луларчу хьуьнхахь лохур ю! – Цигахь а яц. – Массо а х1ума т1ек1елтухур ду, т1аккха схьакарор ю! – Яц со. Цхьанхьа а яц. – Т1аккха, т1аккха… Т1аккха шерачу ара а яьлла, – элира Чайта1а, – мохь тухур бу: «Зу-к1орни-и-и-и-и-и!», т1аккха хьуна со хезар ю, ахь а мохь тухур бу: «Чайта-а-а-а1!..» Иштта. – Х1ан-х1а, – элира Зу-к1орнис. – Со цуьрриг а яц. Кхетий хьо? – Ма т1ейирзи хьо суна? – оьг1азъяхара Чайта1. – Хьо яцахь, со а яц. Кхийтин хьо? – Х1ан-х1а, хьо ю. Ткъа со яц. Чайта1 кхохка а йина, 1ара. – Чайта1!.. Чайта1а жоп ца делира. Хьуьна т1ехула лаккха айбеллачу батто шена а, Зу-к1орнина а т1ехьоьрсучу шийлачу нуьре а хьоьжуш, 1ара и… | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 1124 | |
Т1еаларш: 0 | |