Зорба » Саг1адоьхург
18:01
Саг1адоьхург
1уьйренца саг1а деха араваьлла цхьа къен стаг. Сарале бепигах дуьзна цуьнан таьлсаш. Буьйса йоьлча, цхьана доккхачу ц1ийнан ков тоьхна, чувитар дехна цо. Цунна яа х1ума а лой, божалчохь д1авижийта аьлла, омра дина х1усамдас шен ялхочуьнга. Божалан тхевнан дукъох шен мохь хьала а оьллина, набарна тевжина саг1адоьхург.1уьйрана самаваьлча, цунна гина охьаэгна таьлсаш а, даьржина бепиг а. Цунах ах бепиг старо диъна а хилла. Холчух1оьттина хьаьвзина саг1адоьхург. Хилларг хиинчу х1усамдас, саг1адоьхучун таьлсаш бепигах дуза, старг1ана урс а хьакха аьлла.Сту ма бехьара бохуш дехаре ваьллачу саг1адоьхучуьнга х1усамдас аьлла:
– Ахь буьйса яккха меттиг йийхира, амма хьо рицкъанах велира. Ас и меттах1оттий хьуна.Сан сту хьалха балхана дика бара, амма х1инца, ша къа ца хьегначу рицкъанах чам кхеттачу цо хьалха санна бийр бац болх. Цундела, и д1абаккхар г1оле ду.

("Малхбален дийцарш" цикла юкъара)
Къастар: Гоч | Хьовсна: 571 | Т1едаькхна: ppetirova | Тегаш: нохчийн мотт, Гочдар, оьрсийн литература
Т1еаларш: 0
omForm">
avatar