18:00 ШАЙЦА МАЬРКIАЖЕ ЯИЙТИЙША СОЬГА | |
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (ШАЙЦА МАЬРКIАЖЕ ЯИЙТИЙША СОЬГА) – Пхьагал ю-кх шега вайшинца маьркIаже яийта бохуш. – Йоьуьйту дера, – аьлла, кхин цхьаъ а дуьйцина гIант лами тIе даьккхира Зу-кIорнис. – Чуян мегий? – хаьттира Пхьагало. ЧайтаIо Зу-кIорница къамел дечу хенахь лами уллохь лаьтташ яра и. – Чуйола, – элира Зу-кIорнис. Ламеш тIехула хьала а яьлла, лаьтта тесначу горгама тIе когаш хьаьккхира Пхьагало. – Дикка хьакха ахь! – элира ЧайтаIо. – ЦIано еза Зу-кIорнина. – Охьахаа мегий? – хаьттира Пхьагало. – Охьахаа, – элира ЧайтаIо. Зу-кIорни а, ЧайтаI а хиира охьа. – Муха юур ю вай маьркIаже? – хаьттира Пхьагало. Зу-кIорни йист а ца хилира. – Бодашкахь охьа а хаий, йист а ца хуьлуш Iе, – элира ЧайтаIо. – Къамелаш дан ца мега? – хаьттира Пхьагало. Зу-кIорни юха а йист ца хилира. – Дехьа тIаккха, – элира ЧайтаIо . – Ас дуьххьара юуш ю маьркIаже, – элира Пхьагало, – цундела бакъонаш ца хаьа. Шу оьгIаз ма гIолаш суна, дика дуй? – Тхо-м ца дахана оьгIаз, – элира Зу-кIорнис. – Шуьшиъ маьркIаже яа хиъча, Зу-кIорни, хьан цIенна улло а йогIий, хьуьлла кулла тIехьара схьахьоьжура со. Ма хаза юу-кх цаьршимма и бохуш, хьоьжуш Iара. Ас а яа еза аьлла, едда цIа а яхана, тхов тIера тиша гIант схьа а эцна, охьахиира... – ТIаккха? – хаьттира ЧайтаIо. – ХIумма а ца хилира тIаккха. Iаржъелира, – элира Пхьагало. – ХIан-хIа, ойла йира ас, хIара иштта атта хIума долчух тера дац...хиъна Iерах дIадоьрзуш дац. Кхузахь цхьа кхин хIума ду. Зу-кIорни а, ЧайтаI а йолчу яха еза со. Цаьршимма шайца яийта а ма мега... – ХIаъ, – элира ЧайтаIо. – Вай хIинца дIадуьйладеллий маьркIаже яан? – хаьттира Пхьагало. Меллаша къовлалучу бодане хьоьжуш Iаш йолу Зу-кIорни башха ладугIуш а яцара Пхьагало дуьйцучуьнга. – МаьркIаже юуш хилча, йиш лакха мегий? – хаьттира Пхьагало. Зу-кIорнис хIумма а ца элира. – Лакха, – элира ЧайтаIо. – Муьлхарг? Жоп ца делира цунна. – Самукъанениг лакха мегий? Самукъанениг ца лакхахь, со-м шелло... – Лакха, – элира ЧайтаIо. – Ла-ла! Ли-ла! – мохь хьекха йолаелира Пхьагал. Зу-кIорнин кхин тIе а сахьаьвзира. ЧайтаI а яра бехкалаяхана, ша ялийнчу Пхьагало хIун ду а цахуурш дийцина а ца Iаш, хIинца йиш лекха а йолийна. Амма ша хIун дан деза ца хууш, Пхьагалца цхьаьна йиш лакха йолаелира ЧайтаI а. – Ли-ла-ли-ла! – мохь хьокхура ЧайтаIо. – Ли-ла! Ли-ла! – лоькхура Пхьагало а. МаьркIаже кIарглуш яра, Зу-кIорнина хала дара кхаьршинга ладегIа. – Дист а ца хуьлуш Iай вай? – элира Зу-кIорнис. – ЛадогIийша, мел тийна ду! Зу-кIорни а, ЧайтаI а йист ца хуьлуш, ладоьгIна сецира. Хьуьнхахь а, арахь а гуьйренан тийналло нека дора. – Ткъа хIинца, – шабаршца хаьттира Пхьагало, – хIинца хIун дан деза? – Ццц! – элира ЧайтаIо. – Вай маьркIаже юуш ду? – шабарца хаьттира Пхьагало. ЧайтаIо корта таIийра. – Iаржъяллалц хабарш а ца дуьйцуш Iен деза?.. Iаржъелира. Базанийн баххьаш тIехула беттан дакъа гучуделира, цунах Зу-кIорнина а, ЧайтаIна а цхьана мIаьргонна йовхо а кхочуш. И шиъ вовшашка хьаьжира, цу боданехь шаьшшиъ вовшашна елакъежаш а хаалуш. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 612 | |
Т1еаларш: 0 | |