18:01 ТИЙНАЛЛА МУХА ГАЙТА ЕЗА | |
ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (ТИЙНАЛЛА МУХА ГАЙТА ЕЗА) – Суна чIогIа деза гуьйренан кхоьлина денош, – элира Зу-корнис. – Малх а кхоьлина хуьлу, гонаха дохк… – ПаргIат хуьлу, – элира ЧайтаIо. – Хуьлу. Массо а хIума саца а сецна, лаьтташ санна. – Стенгахь? – хаьттира ЧайтаIо. – Ала дашна боху ас. Меттах а ца хьовш, лаьтташ хуьлу. – Мила? – Хьо-м кхета йоллуш а яц! Цхьа а. – Массо а дIа а хIоьттина, меттах а ца хьов? – ХIаъ. – Ткъа чуьркаш? Мел тIома йовлу! ЦIаззз! ЦIаззз! – чуьрк Iома муха йолу гойтуш, тIодаш лестон хIоьттира ЧайтаI. – Чуьркаша кхин а чIогIа, – ала дош лохуш сецира Зу-кIорни, – цара кхин а дика гойту-кх тийналла. ЧайтаI охьахиира: – Муха? Хи тIехуларчу бердаца Iуьлура и шиъ, гуьйренан кхоьлинчу малхехь йохлуш. Хил дехьа схьагуш хьун яра. – Хьажал! – Хьала а гIаьттина, едира Зу-кIорни. – Гой хьуна? – ХIун? – Хьун меттах ца йолуш? – ХIан-хIа, – элира ЧайтаIо. – Суна хьо уьдуш го. – Соьга а ца хьоьжуш, хьуьне хьажал хьо-м! – юха а дIаедира Зу-кIорни. – ХIинца? – Хьайга ма хьежа боху ахь? – Ма хьежа. – Дика ду, – аьлла дIайирзира ЧайтаI. – Ерриге а дIа хIунда йирзи хьо? – Ахь хьайга ма хьежа аьлла дела. – ХIан-хIа, хьо соьга а, хьуьне а хьежа. Со йодур ю, хьун ша йолччохь лаьттар ю. Ас и лаьтташ хилар гойтур ду хьуна. – Дика ду, – элира ЧайтаIо. – ХIун хуьлу хьожу вайшиъ. – Леррина Зу-кIорнига а хьоьжуш, мохь туьйхира цо: – Яда! Зу-кIорни дIаедира. – Чехка яда! – элира ЧайтаIо. Зу-кIорни кхин а чехка едира. – Саца! – мохь туьйхира ЧайтаIо. – Юха дIайолало вайша. – ХIунда? – Хьоьга а, хьуьне а цхьаьний ца хьежало со. Хьо цхьа беламе йоду, Зу-кIорни! – Хьо соьга хьожуш, хьуьне хьожуш, хьежал хьо-м. Со йоду ю, хьун – лаьтташ. Ас и лаьтташ хилар гойту сайн ядарца. – Яккхий гIулчаш а йохуш, ца ядало хьо? – ХIунда? – Хьажахьа ядалой. – Со кенгуру-м яц? – Яц дера, амма ахь кегий гIулчаш йохуш, со хьуьне хаьа ма ма ца ло. – Со муха йоду дац коьрта, кхетий хьо? Коьртаниг – со едча а, хьун латтар ду. – Дика ду, – элира ЧайтаIо. – ДIаяда! Зу-кIорни юха а едира. – ТIаккха? – Иштта кегийчу гIулчашца гайталур яц, – элира ЧайтаIо. – Иштта кхоссаяла еза! – баккъал а кенгуру санна, кхоссаелира ЧайтаI. – Саца! – мохь туьйхира Зу-кIорнис. – ЛадогIахьа! ЧайтаI дIатийра. – Хезий хьуна мел тийна ду? – Хеза. – Нагахь ас мохь тохахь, ас тийналла муха хилла гойтур ду. – Iа-а-а!.. – мохь хьаькхира ЧайтаIо. – ХIинца кхийтин хьо? – ХIаъ! Мохь а бетташ, керча еза! Iа-а-а! – юха а мохь а хьаькхна, IуьнцIалг бира ЧайтаIо. – ХIан-хIа! – элира Зу-кIорнис. – Ида а уьдуш, кхийсаяла еза. Иштта! – ида йолаелира и. – ХIан-хIа! – элира ЧайтаIо. – Йодуш, охьакхеташ, хьалагIоттуш, тIома йолуш гайта еза тийналла. – Муха? – сецира Зу-кIорни. – Иштта! – аьлла бердах чукхоссаелира ЧайтаI. – Со а! – аьлла, мохь а тоьхна. ЧайтаIна тIаьххье чукхоссаелира Зу-кIорни а. – Ла-ла-ла! – мохь беттара ЧайтаIо, юха а бердах хьала а тасалуш. – Лю-лю-лю! – олхазарех тера лен гIертара Зу-кIорни. – Iа-а-а-а! – аз ма-доллу мохь беттара ЧайтаIо, юха а чу а кхоссалуш. Иштта уьдуш, кхийсалуш, мохь бетташ, гуьйренан хьуьнан тийналла гайта гIерташ суьйренга яхара и шиъ. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 772 | |
Т1еаларш: 0 | |