17:54 Толамхочун къайле | |
Я йийсаре баха, я х1аллакьхила бен – кхин къастам боцуш. Б1аьхой йиш йоьхна бисна. Т1аккха баьчча хьалха а ваьлла: «Вай иштта барт бо. Кхаж тосу вай: нагахь аьрзу долу аг1о йожахь – вай т1ом бо. Нагахь важа аг1о йожахь – йийсаре доьлху». Хьалакхоьссина цо ахча. Саде1ар а тийна ладоьг1уш хилла массо а. Ахча охьадоьжча, баьччин г1оьнчас схьаэцна д1агайтина и – аьрзу долу аг1о хилла йоьжнарг. Т1аме баьккхийна баьччас шен б1о. Толамца дирзина и тасадалар. Кхано, баьччига ахча д1алуш, тидам хилла г1оьнчин, и аьрзу шина а аг1ор хилар. ("Малхбален дийцарш" цикла юкъара) | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 594 | |
Т1еаларш: 0 | |