10:12 Воккхачу стеган дийцар... | |
1 Хьалха йолург дирша газа елахь а мага, нагахь цо т1аьхьара жа берза бага ца дигахь.
17.Шайн зударийн дай берш, шайн мехкан а дай хуьлу шуна.
19. Махках валар валар санна лерина. Ткъа иза ишта цахетарг цу махкара а ца лерина. 20. Де доьхначу дийнахь ялийна зуда– накъост, де тоьллачу дийнахь ялийна зуда – синкъерам. 21.Къонах шен хене хьаьжна ца хуьлу, къонах замано ша зерца хуьлу... 22. «Маржа-я1, сан йоцу ма1аш», баьхна бах диршано... 23. Дакъазалла, ехча бен, ца йог1у, д1аэкхийча бен, д1а а ца йоьду... 24. Уггаре а ч1ог1а ден-ненан дог дохорг – дог доьхна шайн доьзалхо гар ду шуна. 25. Кху дуьненчуьра эхарте воьду шен майра, Къемат -дийнахь Далла хьалха юьхьк1оме хилахьара, бохург, шена Дела реза волу зуда ю шуна. 26.Ша-шен дола ца дечу къоманна дола дан кхин къам х1утту... 27. Къанделчу къомо шен мохк, мотт, амалш хуьйцу. Шен х1у пана доккху. Т1аккха и дуьненчуьра а д1адов... 28. Шайн лулахой шайна зуламе хилахь, уьш ойлане баха церан лулахошца гергарло тасалаш. 29. Дахарехь х1ораммо а ша шеца лоьху. Ткъа баккъал а, ша мила хилла цунна хуур дац, цкъа Далла хьалха эхартахь д1ах1оьттича бен. | |
Къастар: Статьяш | Хьовсна: 2127 | |
Т1еаларш: 0 | |