17:27 Зу-к1орни а, Славик а | |
Ден шовзткъа шо дара, Славикан – итт, зу-к1орнин – кхин а кIеззиг. Куйна чу а йиллина, зу-кIорни йохьуш веана Славик, газет доьшуш волчу дена тIеведда, кийра ца тарлучу хазахетарца мохь бетта хIоьттира: – Папа, хьажахьа! Газет охьа а диллина, зу-кIорнига хьаьжира да. Хаза яра зу-кIорни, ирх хьаьвзина мара а болуш. Дена хазахетара к1ант дийнаташца къинхетаме волуш, и ша а вара церан терго леррина еш. – Ма хаза ю х1ара! – элира дас. – Ч1ог1а хаза ю! Стенгара яьлла хьуна х1ара? – Уьйт1арчу к1анта елла, – элира Славика. – Совг1атна елла? – дуьхе кхиа г1оьртира да. – Х1ан-х1а, хийцина охашимма, – жоп делира Славика. – Цо суна зу-к1орни елира, ас цунна – билет. – Х1ун билет? — Лотерейн билет, – аьлла, зу-кIорни лаьтта д1ахийцира Славика. – Папа, кхунна шура еза. – Собардел цкъа! – элира дас. – Хьуна стенгара даьллера лотерейн билет? – Ас эцнера, – жоп делира Славика. – Хьаьнгара? – Цхьана стагера... Цуьнгахь дуккха а дара. Ткъе итт капеках духкура цо уьш... Хьажахьа, папа, маьнги к1ел яха-кх х1ара... – Цкъа собардехьа! – синтем байна хьаьвзира да. Славик шена улло а хаийна, хаьттира: – Ахь муха ло хьайн билет нехан к1антана д1а? Цунах цхьаъ яьлла хилахь х1ун до ахь? – Яьлла цунах-м, – элира Славика, зу-кIорнин тидам а беш. – Муха?! – меллаша хаьттира дас, мер т1е хьацар а тухуш. – Х1ун яьлла цуьнах? – Холодильник! – велакъежира Славик. – Х1ун?! – цхьа тамашийна вегон волавелира да. – Холодильник?!.. Ахь х1ун дуьйцу?.. Хьуна стенгара хаьа и?! – Муха – стенгара? – дегабаам бира Славика. – Со газет т1е хьаьжна. Хьалхара кхо терахь цхьатера дара…дисинарш а… Суна хаа ма хаьа билете хьажа, папа! Со воккха ма ву! – Воккха?! – мохь белира дега, маьнги к1елара схьаяьлла зу-к1орни цу маьхьаро юха д1а а лачкъуьйтуш. – Воккха?!.. Зу-к1орних холодильник а хуьйцуш? – Суна, – кхеравелла элира Славика, – вайн холодильник ю, зу-к1орни вайн ян ма яц аьлла, дагадеара суна… – Д1асаца! – мохь хьаькхира дас. – Мила ву и?! Мила ву и к1ант?! Стенгахь ву и?! – Дуьхьаларчу ц1ийнехь 1аш ву и, – аьлла, велха волавелира Славик. – Сеня ю цуьнан ц1е... – Вало! – юха а мохь хьаькхира дас, дерзинчу куьйгашца зу-к1орни схьа а оьцуш. – Вало сихха!! – Ца вог1у, – велха ийзавора Славик. – Суна ца еза холодильник, суна зу-к1орни еза. – Лелий вала, – халла бен вист ца хилалора да. – Билет схьадерзалахьара, б1е зу-к1орни оьцур ю-кх ас хьуна... – Х1ан-х1а... – воьлхура Славик. – Оьцур яц ахь... Сенька лууш а вацара и хийца, ас дехарш а дина, халла хийцира... – Лелий валал! Сенин барх1 шо дара. Уьйт1а юккъе а х1оьттина, кхерамца хьоьжура и, цхьана куьйга айвина Славик а волуш, вукху куьйгахь зу-к1орни а йолуш, вог1учу оьг1азечу стаге. – Стенгахь? – хаьттира дас, Сенина т1е а воьдуш. – Стенгахь ду билет? Зуламхо, хьайн к1охцалш д1а а эций, схьалол билет! – Дац соьгахь билет! – Сеня вегон волавелира. – Стенгахь ду и?! – мМохь хьоькхура дас. – Х1ун дина ахь цунах? Доьхкина? – Кхокха бина ас цунах, – олуш, мара лекха волавелира Сеня. – Ма велха! – элира дас, парг1ат хила а г1ерташ. – Ма велха, к1ант… Кхокха бина боху ахь цунах? Стенгахь бу и кхокха? Стенгахь? – Тхов т1ехь, – элира Сеняс. – Муьлхачу тхов т1ехь? – Хьуьллехь! – куьг хьажийра Сеняс. Пальто схьа а яьккхина, кхокха схьаэца хьалатасавелира да. Бераш г1ад а дахана, хьуьйсура цуьнга. Тийса а луш, халла тхов т1е кхаьчначу дас, и можа жима «кхокха» схьаийцира. Дог1ано жимма т1ада а бинера и «кхокха». Тхов т1ера охьа а воьссина, билет схьадаьстича, цунна гира, билет ши шо хьалха арахецна хилар. – Маца эцнера ахь х1ара? – хаьттира цо Славике. – Шолг1ачу классехь волуш, – жоп делира Славика. – Талла маца теллина ахь х1ара? – Селхана. – Керла тираж ма яц х1ара... – элира дас. – Ца хилча х1ун ду? – цецвелира Славик. – Терахьаш цхьатерра ма ду… Вист а ца хуьлуш, дехьа а ваьлла, охьахиира да. Цуьнан дог чехкка детталора, б1аьргашна хьалха бода х1уьттура… Меллаша корта охьата1ийра цо. – Папа, – меллаша элира Славика, дена т1е а вог1уш. – Хала ма хетийтахьа хьайна! Сеняс ша иштта а схьало ма боху вайна зу-к1орни… – Баркалла! – элира дас. – Баркалла, Сеня… Хьала а г1аьттина, ц1ехьа волавелира да. Ц1еххьана цхьа ч1ог1а сахьаьвзира цуьнан. И кхийтира, цкъа а юха ца ян и ирсе хан д1аяхана хиларх…зу-к1орнина дуьхьал холодильник а дукха атта луш йолу и ирсе хан…бералла…. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 827 | |
Т1еаларш: 0 | |