12:46 ЗУ-К1ОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (ГУЬЙРЕНАН МАЬРША МОХ) | |
– Х1ей! – мохь хьаькхира цо. – Х1ей! Х1ее-х1е-ей! – Т1аккха? Дийцахьа, – элира Чайта1о. – Эх1е-х1е-х1е-х1е! – мохь хьоькхура Пхьагало. – Схьаалахьа сихха! – оьг1азйоьдуш лаьттара Зу-к1орни. – Эх1е-х1е-х1е-х1е! Х1е-х1ей! Х1е-х1ей! – д1аедира Пхьагал. – И х1ун ду? – Ца хаьа, – элира Чайта1о. Т1емаш девлча санна, уьдура Пхьагал хьуьнхахула, аз ма-доллу мохь а хьоькхуш. – Цо х1ун до? – хаьттира Тарсало. – Со кхеташ дац, – элира Зингато. Пхьагал-м боккха го а баьккхина, юха Чайта1ан кет1а х1оьттира. – Ахь схьаолу я ца олу? – собар дайнера Чайта1ан. Пхьагал ц1еххьана саца а сецна, т1аьхьарчу когаш т1е а х1оьттина… – Алий ялахьа! – мохь белира Зу-к1орнига. – Ва-к1а-к1а-к1а! – аьлла ела а елла, ког ма-боллу чехка д1аедира Пхьагал. – Хьекъалх тилла те и, тилла те, тилла те? – ца соцура Ч1ег1аг. – Хьекъалчохь ю и, хьекъалчохь, хьекъалчохь, – дуьхьал лоьра Хенак1ур. Еккъа цхьа Пхьагал яр-кха цхьаьнгга а х1умма а ца хоьттуш, ца дуьйцуш, мох санна маьрша, хьуьнхахула хьаьдда лелаш. – Хьажахьа, – элира Чайта1о. – Суна хетарехь, цунна ша мох бу моттаделла-кх… Цо соьга цкъа ала а ма элира, шех цкъа мох хилча муха хетар дара аьлла. – Ма хаза хир дара иза, – элира Зу-к1орнис. – Амма Пхьагална дагадог1ур дац-кха ишттаниг цкъа а… Эццахь г1алат яра Зу-к1орни. Х1унда аьлча, Пхьагална 1уьйранна дуьйна а тарбеллера шех хьаннашца, аренашца кхерсташ болу гуьйренан маьрша мох. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 917 | |
Т1еаларш: 0 | |