12:42 ЗУ-КIОРНИ ДАХКАРЛАХЬ | |
Ткъе итт чуьрк хьуьна юккъерчу ирзу т1е сехьа а едда, шайн ч1ондарш лекха х1оьттира. Мархаш т1ехьара схьахьаьжначу батто а, бела а къежаш, шен нека долийра. «М1у-у-у!..» – хазийра хил дехьарчу атто а. Лета дуьйлира ж1аьла а. Беттан нур дара лаьтта 1енаш… Хи т1ехула дохк г1аьттира, и даим а г1айг1ане хуьлу к1айн говр деггелц д1а а хьулъеш. Хеталора, цу дахкарлахь сих-сиха корта охьа а те1ош, йог1ург йоккха к1айн бад ю. Дахкаро хьулдина ирзу бетан нуьро серладохуш гучу хазаллин тидам беш 1ара Зу-кIорни. Хаза сурт дара и ч1ог1а…цкъацкъа Зу-кIорни цец а йолуш, шена гург г1ан ду моьттуш. Чуьркаша ч1оьндарш лоькхура, беттан нур лаьтта 1енара, ткъа ж1аьла-м уг1ура. «Дийцича а, цхьа а тешар вац!» – дагадеара Зу-кIорнина. Шена гонахара дерриге а дагахь латтон дагахь, кхин а леррина д1асахьоьжура и. «Х1инца седа а буьйжи, – тидам хилира цуьнан, – буц а аг1ор таь1и, базалган-м цхьа бохь бен гуш х1ума дац, х1инца иза а говраца цхьаьна нека деш ю... Ткъа и говр… – дагадеара Зу-кIорнина, – и д1айижча, дохк сих-м эккхар яц те цунна?» Т1аккха меллаша гу т1ера чуйосса йолаелира Зу-кIони, цу дахкарлахь х1ун ду хьажа. – Х1ан, – элира Зу-кIорнис. – Х1умма а гуш дац. Ур-атталла сайн ког а ца го. Говр! – кхайкхира Зу-кIорнис. Амма говр дуьхьал йист ца хилира. «Стенгахь ю те говр?» – дагадеара Зу-кIорнина. Хьалхахьа д1атекхира и. Гобаьккхина бода а, шело а яра, генна лакхахь гуш жимма серло йоцург кхин х1ума а доцуш. Дикка д1атекхначул т1аьхьа, латта д1аса а дедда, ша цхьанхьа чуюжуш хиларх кхийтира Зу-кIорни. Чхьап!.. «Хи чохь ю-кх со!» – кхийтира Зу-кIорни, кхераелла шел а луш. Сихъелла когаш бетта юьйлира и. Зу-кIорни хи т1ехула яьлча, хьалха санна, бода бара, хи йист стенгахь ю а ца хаара цунна. «Хине охьаяхьийта еза ас суо!» – сацам бира Зу-кIорнис. Доккха садаьккхира Зу-кIорнис, хино охьатакхийра и. Хино эрз техкош г1овг1а йора, тулг1еш ловзайора, Зу-корни т1адийнера, цунна ша х1инца хи буха йоьду аьлла хетара. Ц1еххьана когах цхьаъ хьакхавелира кхунна… – Бехк ма биллалахь, – чуьра долуш аз а доцуш, хаьттира цхьамма. – Хьо муха кхаьчча кхуза? – Со Зу-к1орни ю, – иштта аз доцуш элира Зу-к1орнис. – Хи чу йоьжна со. – Т1аккха сан букъа т1е хаа…ас берда йисте йоккхур ю хьо… Зу-кIорни цхьаьннан шерачу буткъачу букъа т1е а хиина, минот ялале берда йисте кхечира. – Баркалла! – хезаш элира цо. – Доккха х1ума дацара и-м! – хьалха санна, аз доцуш жоп цхьамма. Зу-кIорнина ган а ца гира шена ша схьаялийнарг, я цунна т1аьхьа тулг1еш юьйшуш а ца гира. «Ма тамашийна х1ума а ду… – ойла йора Зу-кIорнис, хи охьа а дегош. – Цхьа а тешар а вац!» Цу ойланца дахкарлахь къайла а елира. | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 618 | |
Т1еаларш: 0 | |