12:44 ЗУ-КIОРНИ ДАХКАРЛАХЬ (ЗЕВНАШ А, АЬЗНАШ А) | |
– Набаран тар тесначу хенахь, хьайна луъург дуьхьалтасийта йиш ма ю, Чайта1. Ахь дуьхьалтасийтинарг баккъал долуш санна а хир ду. Т1аккха… – ТIаккха?! – ТIаккха… – Схьаалий ялахьа! – Т1аккха… хеза-кх зевнаш а, аьзнаш а. Зу-кIорни, б1аьргаш а горгбина, хьоьжура ЧайтаIе, х1окху м1аьргонехь ша цхьана мехалчу къайленна т1екхиъча санна. – Х1ун хезира хьуна? – шабаршца хаьттира ЧайтаIа. – Таханий? – Х1аъ. – Хьуьнан-хьоза, – элира Зу-кIорнис. – Ткъа селхана? – Пхьид. – Цо х1ун бохура?.. – Цо йиш лекхира, – бIаьргаш т1екъевлира Зу-кIорнис. – Хьуна х1инца а хезаш ю и? – Хеза, – элира Зу-кIорнис. – Ас а къовлу б1аьргаш д1а, – Зу-кIорнина уллло а хуьлуш, б1аьргаш д1акъевлира Чайта1а. – Хезий? – Ца хеза, – элира ЧайтаIа. – Набаран тар тасийтал ахь-м. – Т1аккха д1айижа еза. – Со а йижа еза, – элира Зу-кIорнис. – Дуьхьалтасийтахьа…и охьа а хиина, йиш локхуш ю. – Тасийти. – Хезий хьуна? – Зу-кIорнин са ца тоьра. – Локхуш ю! – Ца хеза, – элира ЧайтаIа. – Б1аьргаш хье т1е а баьхна 1аш ю и. – Къамеле ялал хьо-м цуьнца, – хьехар дира Зу-кIорнис. – Муха? – Ахь ала: «Генарчу хьуьнхара шуьга ладог1а еана со, Зу-кIорница цхьаьна». ЧайтаIа балдаш меттах хьадира. – Эли. – Т1аккха? – ХIумма а ца олу дуьхьал. – Собарде, – элира Зу-кIорнис. – Хьо охьахаа, ткъа со д1аюьжу. Иштта... – цхьа бур-бур дан йолаелира и. Малх г1ушлакхе баьллера. Гуьйре дитташца ловзура, г1ашца хьийзара. Дукха хан Чайта1 охьахиина а, ц1ег1ачу дитташка а, 1аьмнашца ловзучу мохе а хьоьжуш 1аш йолу а, амма Зу-кIорнин бур-бур кхачалуш дацара… – Ладог1ахьа, Зу-кIорни, – элира Чайта1а, – вайшимма хIун до цу пхьидах? Цул а, ж1аьлинускалш а лахьийна, уьш кхорзу вайшимма! Ас хьуна дитина 1ежаш а ду… – ХIан-хIа, – бIаьргаш схьа а ца боьллуш, элира Зу-кIорнис. – Цо йиш локхур ю. – Лекхча х1ун ду? – ЭххIай! – элира Зу-кIорнис. – Ж1аьлинускалш! Iежаш!.. Зевнаш а, аьзнаш а х1ун ю хаа дезара хьуна! | |
Къастар: Гоч | Хьовсна: 844 | |
Т1еаларш: 0 | |