Синбилгало а къастале, Зу-к1орни а, Чайта1 а йолчу еара Пхьагал. – Х1ей! – мохь хьаькхира цо. – Х1ей! Х1ее-х1е-ей! – Т1аккха? Дийцахьа, – элира Чайта1о. – Эх1е-х1е-х1е-х1е! – мохь хьоькхура Пхьагало. – Схьаалахьа сихха! – оьг1азйоьдуш лаьттара Зу-к1орни. – Эх1е-х1е
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Козлов Сергей – Набаран тар тесначу хенахь, хьайна луъург дуьхьалтасийта йиш ма ю, Чайта1. Ахь дуьхьалтасийтинарг баккъал долуш санна а хир ду. Т1аккха… – ТIаккха?! – ТIаккха… – Схьаалий ялахьа! – Т1аккха… хеза-кх зевнаш а, аьзнаш а. Зу-кIорни,
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Козлов Сергей Ткъе итт чуьрк хьуьна юккъерчу ирзу т1е сехьа а едда, шайн ч1ондарш лекха х1оьттира. Мархаш т1ехьара схьахьаьжначу батто а, бела а къежаш, шен нека долийра. «М1у-у-у!..» – хазийра хил дехьарчу атто а. Лета дуьйлира ж1аьла а. Беттан нур дара лаьтта 1енаш… Хи
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Дозаллаш дар ч1ог1а дезаш волчу цхьана хьоладас шен бахамах тамаш байта дагахь, ша волчу кхайкхина цхьа эвлаяъ. Цхьана чуьра вукху чу а воккхуш, и чоьнаш кхелина болу шен бахам гойтуш, волавелла хьолада. Т1аьххьара а хаьттина цо: – Уггаре а ч1ог1а хьо цецваьккхинарг х1ун ду кху
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Цхьана дикачу стаге хаьттина: – Ахь нахехь церан кхачамбацарш емал х1унда ца до? Хьо царах х1унда ца кхаьрда? – И кхачамбацарш сайгахь а долу дела, – жоп делла дикачу стага.
|
Малхбален цхьана паччахьна ирча г1ан гина, шен багара ерриге а цергаш цхьаъ цхьанна т1аьххье охьаоьгуш. Цу г1ено кхерийнчу паччахьа, г1енаш туьдург схьакхайкхина. Паччахье ла а доьг1на, дукха г1айг1ане хилла, дийцина г1енаш туьдучо: – Хаза бац ас хьоьга боккхур болу кхаъ. Цхьаъ цхьанна т1аьхх
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Козлов Сергей Кхин а жимма 1ийча седарчий летар ду, меллаша текхна гуьйренан аренаш т1ехула схьакхетар бу бутт а. Т1аккха жимма 1ийча, хьуьна юккъе хьожур бу бутт, уггаре а лекхачу базанах а тасабелла, к1еззиг соцунг1а йийр ю. Эццахь гур бу и бутт Зу-к1орнина а, Чайта1на а. – Хьа
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Горин Григорий Ден шовзткъа шо дара, Славикан – итт, зу-к1орнин – кхин а кIеззиг. Куйна чу а йиллина, зу-кIорни йохьуш веана Славик, газет доьшуш волчу дена тIеведда, кийра ца тарлучу хазахетарца мохь бетта хIоьттира: – Папа, хьажахьа! Газет охьа а диллина, зу-кIорнига хьа
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Бераш ловза кечйинчу майданахь иштта сурт гора: къона да вара диъ шо хир долчу шен к1етан тидам беш 1аш. Ловзуш 1ачу к1антана т1е цициг дог1у. Дукха ойла а ца еш, цу беро и цициг, мийра тухий, д1акхуссу. Лазийна цициг д1аделира к1антана уллора. Да к1антана т1е а вог1ий, дов а ца деш, к1ант че
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
Цхьана комаьршачу стеган лулахь 1аш волчу стеган ков-керт дохка дезаш нисделла. Хьажа веанчуьнца мах буьйцуш, х1усамдас аьлла: – Кху ков-кертах лучунна т1е, сан комаьршачу лулахочух а мел ло ахь суна? Эцархо цецваьлла: – Дуьйцуш хезна х1ума дац-кха, лулахочух а мах т1етох
...
Д1адеша кхин д1а а... »
|
|